ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьалхара Май" даздеш ду Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалин юккъехь машенаш дIасалелар сацийна Нохчийчуьрча ницкъаллин структурийн белхахоша. И бахьана долуш, севцна лаьтташ яра цигахь бIеннаш машенаш, хаам бо «Кавказский узел» сайто.

Соьлж-ГIалин мэрино дIахьедар дина, 20 эзар стага дакъалоцу митинг дIаяхьа дагахь ду шаьш аьлла. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам бина, шайн белхахой чIагIйинчу рожехь болх бан буьйлабелла аьлла.

Митинг дIахьош ю Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь къинхьегамхой дакъа кхочуш хиларан дуьненаюкъара де "Хьалхара май" даздеш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG