ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

SpaceX компанино космосе яьккхина Iамеркан тIеман-космосан талламан спутник


Falcon 9 ракета.
Falcon 9 ракета.

Iамеркан тIеман-космосан талламан спутник орбите яьккхинарг ю Falcon 9 олу ракета. Цул тIаьхьа цу ракетан хьалхара дакъа охьахиина Iамеркан мыс Канаверал олучу меттигерчу тIеман хIаваан базехь.

Спутник космосе яккхар оццу хенахь гойтуш дара Facebook -хь. Цу миссин билггала болу чулацам хьулбина бу.

Falcon 9 олу юх-юха а пайда эца мегаш йолу ракеташ лелоро мах охьабоккху космосан аппараташ орбите хьажоран. Кху шарахь Зазадоккху-баттахь SpaceX компанино дуьххьара космосе хьажийра цкъа пайда эцна хьалхара дакъа долу ракета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG