ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 эзар гергга стаг вара боху Соьлж-ГIалин мэрино "БIаьстенан, Къинхьегаман Де" даздеш


"Хьалхара май» даздеш Соьлж-ГIалахь хиллачу митингехь дакъалоцуш вара 100 000 гергга стаг, хаам бина мэрино.

«Кавказский узел» сайто дийцарехь, бюджетера алап оьцучу нахана а, студенташна а тIедиллина дара цу даздаршка бахкар.

"БIаьстенан, Къинхьегаман Де" даздан кечйечу митингехь дакъалоцур ду 20 000 стага аьлла хаам бинера Соьлж-ГIалин мэрино. И бахьана долуш полицин ницкъаша, ерриг а транспорт а сацош, дIакъевлинера гIали юккъера урамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG