ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа тахана телефонехула къамел дийр ду Путинца


Iамеркан президент Трамп Доналд телефонехула къамел деш ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Дечк. 28, 2017
Iамеркан президент Трамп Доналд телефонехула къамел деш ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Дечк. 28, 2017

Iамеркан президент Трамп Доналд телефонехула къамел дан дагахь ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца шинарин дийнахь, хаам бина КIайн ЦIанан зорбанан сервисо.

Иза кхоалгIа къамел хир ду цу шина президентан Трамп Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхо хаьржиначул тIаьхьа. Цаьршимма доцца къамел дира Трампан инаугураци хиллачул тIаьхьа. ШолагIа къамел хилира Петарбухерчу метрохь лелхийтарш хиллачул тIаьхьа.

Трампа а, Путина а хIун хаттарш дицаре дийр ду хууш дац.о

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG