ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь дlакъевлина BlackBerry, Imo, LINE мессенджерш


Оьрсийчохь дlакъевлина BlackBerry, Imo, LINE мессенджерш, хаам бо "Роскомсвобода» юкъараллан тобано. Цо дийцарехь, церан долахой реза ца хилла, шаьш информаци яржоран гIирсаш бу аьлла, "Роскомнадзорехь" регистраци ян.

Карарчу хенахь оцу урхаллан реестрна юкъатоьхна ю BlackBerry, Imo, LINE мессенджерийн порталаш а, церан IP-адресаш а, билгалдоккху "Роскомсвободо".

Охан-беттан 10-чу дийнахь дуьйна Оьрсийчохь, блок а хIоттийна, болх бечура сацийна яккхийн машенашлелорхоша шайн дуьхьалонан акцеш дIахьош шуьйра пайда оьцуш хиллачу Zello олу раци.

"Роскомнадзоро" дийцарехь, цу мессенджеран долахоша дохийна хилла информаци яржорца доьзна низам.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG