ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIайн ЦIа: Трампа а, Путина а "дика къамел дина" Шемах лаьцна


Трамп Доналд, Путин Владимир.
Трамп Доналд, Путин Владимир.

Iамеркан президенто Трамп Доналда телефонехула "чIогIа дика" къамел дина Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца, хаам бина КIайн ЦIанан зорбанан сервисо. Дийцаре динарг дара Шемах лаьцна долу хаттар. Ши президент реза хилла Шемара бахархоша балахьегар дукха дахделла бохучун а, нахана ницкъ бар сацо дезаш ду бохучун а.

Иза кхоалгIа къамел дара цу шина президентан Трамп Цхьаьнатоьхначу Штатийн куьйгалхо хаьржиначул тIаьхьа хилла долу. Цаьршимма доцца къамел дира Трампан инаугураци хиллачул тIаьхьа. ШолагIа къамел хилира Петарбухерчу метрохь лелхийтарш хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG