ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь саьш дIахецна


Ведучина уллерчу Итон-Кхелахь арахецна 50 сай. Оцу церемонехь хилира Кадыров Рамзан. Инстаграмерчу шен агIон тIехь яздина цо: "Итон-Кхелан а, Веданан а, Нажи-Юьртан а кIошташкахь оха гуьйранна 400 сай дIахецнера лаьмнашкахь. ХIинца Ведучина гергахь кхи а 50 сай арахецна. Исбаьхьа хьелаш ду цигахь дийнаташна– лаьмнаш, хьаннаш, шовданаш", аьлла.

Иштта билгалдаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо, тIеман шерашкахь махкана даккхий зенаш дина хилар а, карарчу хенахь республикехь боллу ницкъ Iалам самадаккха тIехьажийна хилар а.

Нохчийчуьрчу лаьмнашкахь чанаш, як олу гомашан тайпа дийнаташ, лунаш, хьехаш, сайнаш, берзалой ю. Ятрашкарчу нехан бахамна тIекхийда а юьйлаелла уьш.

Амма и проблема иччархоша-таллархоша ерзош ю, аьлла Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG