ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мониторинг ечу прокуратурана экстремизме интернет-агIа хааелла


Социалан машанашкахь Нохчийчуьрчу прокуратуран белхахошна интернет-агIо карийна, дин лелочийн дог-ойла сийсазъеш. Оцу хьокъехь кхеле арз дина аьлла, дуьйцу махкарчу прокуратурано.

Эксремизман материалаш лоьхучу прокуратуран белхахоша мониторинг ечу заманчохь карийна интернет-агIон тIехь зорбане яьхна и артиклаш. Шинарийдийнахь интернет-провайдерш декхаре бина оцу ресурсна тIе боьлху некъаш дехка.

Кхело шен сацам бовзийтинчул тIаьхьа, регионера интернетан хьашташ кхочушъечу компанин дезар ду билгалъяьккхинчу агIонна блок хIоттон аьлла, дийцина «Кавказан узел» агенталле прокуратуран белхахочо.

Таханалерачу дийнахь Нохчийчохь масех яккхий компанеш ю бахархошна Интернет кхачош: "Вайнах-Телеком", "ООО "Оранж", ОАО "МТС", ОАО "Мегафон" и "Вымпелком", ЗАО "Чеченская сотовая связь", иштта ГГМТС ФГУП "Электросвязь".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG