Шемара тIеман конфликт ерзорехь Астанахь дIахьо дийцарш пайден хир ду аьлла тешна ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран гIоьнча Джонс Стюарт. "Интерфакс" агенталле бина цо и хаам.
Шемара конфликт ерзорехь Вашингтоно а, Оьрсийчоьно цхьаьна къахьоьгур хиларан юьхь ю ала тарлой, хьан Казахстане вар аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, "Iамеркан векалш Казахстане тергамчаш санна баьхкина" аьлла Джонса.
Астанерчу Rixos отелехь дIахьош ду дийцарш, къевлинчу неIаршца.