Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин куьйгалхо хIоттийна Усмаев Вахит. И стаг хьалха Кадыров Рамзанан секретариатан куьйгалхо вара. Цу даржехь волу Тагаев Султан дехьаваьккхина республикан финансийн министран дарже.
Ткъа финансийн министраллан куьйгалхочун даржехь хилла Рассуханов Iусман хIинца болх беш хир ву пачхьалкхан хазнан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллан куьйгалхочун даржехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбанан сервисо бинчу хаамца, Усмаев керлачу дарже хIоттош Кадыровс аьлла «Кадыров Ахьмада кхоьллинчу тобанан ветеран» ву иза аьлла.
Цул сов, Кадыровс дийцарехь, цу стага "куьйгалла дина бIеннаш леррина операцеш» дIахьош.
Усмаев цIера КадыровгIара бехачу Хоси-юьртара ву. 10 шо гергга дара цо Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ППС-2 олучу ("кадыровский спецназ" а олу цунах) полкана буьйранчалла до.