ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин паччахьан хIусамдас дуьтур ду пачхьалкхан декхарш кхочушдар


Британин паччахь Элизабет II а, цуьнан хIусамда, принц Филипп а. 2015 шо.
Британин паччахь Элизабет II а, цуьнан хIусамда, принц Филипп а. 2015 шо.

Британин паччахьан Элизабет II-нан хIусамда, принц Филипп, дита дагахь ву тIейогIучу гурахь дуьйна пачхьалкхан декхарш кхочушдар. Цунах лаьцна хаам бина паччахьан зорбанан сервисо.

Цу дIахьедарехь аьлла ду принцо бина сацам боьзна бац Филиппан могашалла галъяларца аьлла. Паччахьан а, цуьнан хIусамден а могашалла дика хилар билгалдаьккхина официалан хаамехь.

Кхаарин дийнахь 91 шо долчу паччахьо Элизабет ШолагIчо а, 96 шо кхочуш волчу цуьнан хIусамдас Филиппа а дIаяьхьира ерриг а цу дийнахь юьхьарлаьцна хилла мероприятеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG