ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн дакъалаца аьтто ца баьлла Кремлехь хиллачу кхеташонехь  


Кадыровс шен Инстаграмехь хIоттийна сурт.
Кадыровс шен Инстаграмехь хIоттийна сурт.

Еарин дийнахь Кремлехь хилла Пачхьалкхан Кхеташонан (Госсовет) рогIера цхьаьнакхетар. Иза дIахьош вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.

Амма Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аьтто ца баьлла цу мероприятехь дакъалаца. Бахьана ду футболах ловзуш цуьнан ког лазор.

Делахь а Кадыровс шен Инстаграмехь комментари йитина Кремлехь хилла кхеташо хьокъехь. Цо дийцарехь, Кхеташонан цхьаьнакхетар хилале хьалха хьехийна йолу еррриг а проблемаш кхиамца кхочуш йина Нохчин республикехь. Уьш йоьзна яра тишачу хIусамашкара нах керлачу хIусамашкахь баха ховшорца.

Кадыровс дийцарехь, и программа кхочушъян республикехь дина дукхазза тIекъелдина 28 цIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG