ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цецдийлал нохчийн депутатийн "къайленех"


Нохчийчуьрчу парламентан депутаташа дахначу шарахь шайна хиллачу пайданах деклорацеш зорбанеяхарх хIетал-метал хилла: уьш уггар догцIена хилла-те я эхь доцуш бу-те, аьлла, гонах ойланаш кхоллалуш.

Шаьш Iорабаьхначу хаамашкахь депутаташа дуьйцу парламентехь шайн хIусамнаноша дIалийцинчу даржех а.

Массара а бохург санна, Къилбаседа Кавказан мехкийн куьйгалхоша дахначу шарахь шайна тIедирзинчу рицкъанах хаамаш бовзийтина, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан виссалц.

ТIаьххьалц интригехь латтадо цо шех лаьцнарг. Карара бутт юккъе баьлча хоуьйтур ду ша аьлла, дош -м ду цо делла.

"Нохчийн депутаташа къайла а ца хьо, шайн зударий хIусамехь накъостий хилла а ца Iаш, балха тIехь а шайн гIортораш хилар"

ХIоьттина даьллачу суьртаца, хIирийн куьйгалхо Битаров Вячеслав ву уггар хьоле лидер. Дахначу шарахь 31,5 миллион соьмана пайда хилла цунна.

Делахь а, цуьрг а интересе и ца хиллера, мел а цеце ду нохчийн депутаташа къайла а ца хьош, даредар, шайн зударий хIусамехь накъостий хилла а ца Iаш, балха тIехь а шайн гIортораш хиларх.

Схьаоьцур вай Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан хIусамнана. Дийцарехь, иза шен цIийнден гIоьнча ю.

Стохка хIусамдена 6,5 миллион са хиллехь а, цуьнца цхьана белш белшах гIортийна къахьоьгучу зудчо 1 миллион соьмана пайда бина.

Даудов Мохьмадан зудчун хIайталлех хьага а мегар ду: балхаца ларийна ца Iаш, 9 бер хьалакхио а хан тоьа цунна.

Ша волчу балха ялийна шен зуда нохчийн депутато Жамалуллайл Сайд-Хьамзата а.

Хала ду теша, парламентехь белхан меттиг ю мукъаяьларх, цунна интернетехь хиина бохучух а, оцу дарже йоьдуш йоккхачу конкурсех иза чекхъяьлла бохучух а.

Депутатийн алапа лахарчу барамца дуьстича, цхьана шарахь Жамаллулайн хIусаме кхаьчна 1,4 миллион сом, ткъа цуьнан хIусамнанас, дийцарехь, 332 эзар соьмана пайда бина.

"Ахчанца дац стеган ирс, коьртаниг цуьнан статус"

Парламентан спикеран гIовсан Юсупов СаьIидан хIусамнана а кастингех чекъяьлла, парламенте балха хIуттуш.

2016-чу шарахь ледара пайда бина цо шен цIенна – 147 эзар сом даккха бен таро ца хилла.

Олуш ма-хиллара, ахчанца дац стеган ирс, коьртаниг цуьнан статус.

40 шо лолчу Нохчийчоьнан парламентан депутатан Нагаев Iаднана хIусамнана а башха хийра ца яьлла Iедална.

Ленинск кIоштарчу администрацехь къахьоьгуш схьайогIу иза. 80 эзар соьмана гергга бен пайда ца бина цо дахначу шарахь.

Делахь а, мехал ду къинхьегаман киншки тIехь иза гIуллакхе стаг хилар билгалдаьккхар.

Жимма аьтто хилла Кадыров Хьусайнан хIусамненан. Приволжскерчу федералан кIоштахь Нохчийчоьнан векалтан коьртачу говзанчан-экспертан даржехь ю иза. Цундела хир ду цо 303 эзар соьмана пайда бар а.

Парламентерчу экономикан, инвестицийн политикан гIуллакхашкахула йолчу Комитетан куьйгалхочун гIовсан Магомаев Шемалан зуда берийн бешахь урхалла деш ю.

Бюджетан хьукмат йоллушехь, таро хилла цуьнан 1 миллион сом даккха. Цул совнаха, тоьллачу Mitsubishi Outlander машенахь дIасалелаш ю иза Соьлжа-ГIала мел ю.

"Коррупцица къийсам латточара кхийкхабо шайн гергарнаш сом догIучу меттигашка балха нисбийраш"

Хаъал пайда бохьу депутатан Асуев Саламун зудчо шен хIусамдена. Асуевс даьккхинчу 6,7 миллион соьманна тIе шегара 782 эзар сом а диллина цуьнан хIусамнанас.

"Кавказ" цIе йолчу доза тоьхначу жоьпаллин юкъараллехь къахьоьгуш ю иза.

Оьрсийчуьрчу регионашкахь коррупцица къийсам латточара талламаш а беш, кхийкхабо шайн гергарнаш сом догIучу меттигашка балха нисбийраш.

Ткъа Нохчийчохь хьал кхечу кепара ду. Кхузахь депутаташа шаьш хьуламаш ца беш, дуьйцу шайн уьйрех лаьцна.

Билгаладоккху, дахначу шерашкахь иштта эвхьаза ца дуьйцура нохчийн депутаташа шайна хуьлучу пайданах.

Аьлча а, хаддийна дуьхьалонаш йора цара деклараци йовзийта.

ХIетахь парламентан спикер хиллачу Абдурахманов Дукхвахас журналисташца хиллачу къамелехь элира, цкъа хьалха юхаметтахIоттае тIеман шерашкахь йохийна сан банк, 14 цIа, 11 петар, цул тIаьхьа бала кхача суна тIедогIучу рицкъан аьлла.

Билггал хууш дац, Абдурахмановна хилла зен меттахIоттирий-те Iедало, делахь а, 2014-чу шарахь, шен белхан накъосташа санна, шен деклораци зорбане-м яьккхира цо а.

"ХIаъ, оха йоллу къайленаш йостур ю шуна, ткъа шу цецдийлал"

Шайна тIедогIучу рицкъах лаьцна хаамаш бовзуьйтуш ца хилахь, депутатан мандатах баха магош низамашкахь хийцамаш бина хиларо декхаре бина-те депутаташ мотт баста?

Амма дац низамаша тIедожош гергарчийн (зудчун, майрчун, берийн) цIераш яхар а, я церан белхан меттигех хаамаш бар а.

"Декларатор" проектан куьйгалхочо Жвирблис Андрейс "Кавказ.Реалии" портале ма бохху, цкъацкъа, цхьаболчу хьаькамаша оьшучул а сов къайленаш йосту.

Кхеташ дац цунна, нохчийн депутаташа и информаци Iораяккха сацам муха тIеэцна.

"Демаршах тера хета суна и. ХIаъ, оха йоллу къайленаш йостур ю шуна, ткъа шу цецдийлал, бохуш санна" аьлла Жвирблис Андрейс.

XS
SM
MD
LG