ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу пропагандан Sputnik-е болх бойтур бац Iамеркехь


Sputnik-кан лого ю пена тIехь.
Sputnik-кан лого ю пена тIехь.

Зобранан гIирсашна Iамеркехь болх бан бакъо лочу Iамеркан Конгрессан пресс-галереяно аккредитаци ца елла Оьрсийчуьрчу Sputnik хаамин агенталлана.

Пресс-галерейн куьйгалхочо Уилсон Джастина билгадаккхарехь, цара аккредитаци ца ло пачхьалкхо латточу зорбанан гIирсашна.

Sputnik агенталлан корреспонденто Файнберг Эндрюс хаам бина, шаьш суьде латкъам бан дагахь ду аьлла. Иза де аьлла Пресс-галерейн куьйгалхочо Уилсона а.

Sputnik дакъа ду «Оьрсийчоь тахана» (Россия сегодня, Russia Today) цIе йолчу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан медиа-компанин. Махкал арахьа хуьлучух дуьйцуш Iедал ду Sputnik-о. Iамеркан Iедалхоша масийттоза бехке йинера иза Оьрсийчоьнан пропаганда яржорна а, кхечу пачхьалкхашкахь политикан хиламашна юкъагIертарна а.

Чиллан-баттахь изза бехк биллира Sputnik-на Францин президентан харжамашкахь дакъалоцучу Макрон Эммануэлан харжамийн штабан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG