ТIекхочийла долу линкаш

Декъий этIа ца дайта низаман проект кечйина нохчийн депутаташа


Нохчийчуьрчу парламентан спикет Даудов Мохьмад.

Нохчийн парламентан декъашхоша низаман проект кховдийна Оьрсийчоьнан Пачхьакхан Думан депутаташка, беллачу нехан декъий этIа ца дайта низам тIеэца аьлла. Бахьана ду иза бусалба низамашца догIуш ца хилар.

Белла нах этIочу меттана электрониках пайда оьцуш кхузаманахьлера процедура ян мегар ду аьлла хета царна.

Нохчаша хьахийнарг доьзна ду «Махкахойн могашалла Iалаш ярх» цIе йолчу низамца.

Нохчийн парламентан декъашхошна хетарехь, стаг кхалхаран бахьана карош пайда эца мегар ду “виртуалан аутопсия” олучу методах. Ткъа цу кепо аьтто бийр бу бохучух тешна бу нохчийн парламентареш лоьхучу Iалашоне кхача, нохчийн менталитет тидаме а оьцуш.

XS
SM
MD
LG