Паспортан раж талламан операцеш дIаяьхьна Соьлж-ГIалахь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структураша. Полисхой лелаш бара кIирандийнахь Маяковскийн кIоштахь талламаш беш, хаам бо Маршо Радион корреспонденто.
Цо, меттигерчу бахархошна тIе а тевжаш, дийцарехь, Стигалкъекъа-беттан 5-чу а, 6-чу а деношкахь цигарчу бахархойн керта хIуьттуш чекхбевлла полицин белхахой. Цкъачунна цхьаъ лаьцна аьлла хаам кхаьчна бац.
Цхьаболчу хаамашца, паспортан рожан операци дIаяхьар доьзна ду Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь «Толаман де» даздарца а, ткъа 10-чу дийнахь Нохчийчохь Тезетан а, баланан а де хиларца а.