ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа Кадыров Рамзан воцчо, массара а гайтина шайн декларацеш


«Левада-Центран» талламна тIе а тевжаш, "Интерфакс" агенталло хаамбо: Оьрсийчохь 60 процент гергга бахархой тешна бу, Пачхьалкхан думин а, сенаторийн а декларацешкахь гайтина ахчанаш цара дохучийн «цхьа дакъа бен дац» (40%), я «жимма дакъа бен дац» (21%) бохучух.

Iедалхойн декларацех тешаш вац пхеаннах цхьа респондент бен.

62 % нахана хетарехь, хьукматхоша декларацешкахь ца гойту шайн берриг бахам, «гергарчарна тIе а язбо, дозанал ара а боккху». Респондентех эхаммо аьлла, «хьаькамийн дахар, лелар дуккха а шуьйра ду цара декларацешкахь гойтучу хьелашца дуьстича».

Бахначу беттан 21-24-чу деношкахь Оьрсийчоьнан 48 регионан 137 гIалахь а, юьртахь а дIабаьхьна «Левада-Центро» шен таллам. Жоьпаш делла хеттаршна 1600 вахархочо.

"Кавказ.Реалиино" а теллира Нохчийчуьрчу парламентхойн декларацеш. Дуккхаъчу депутаташа гайтина шайн зударий стенгахь белхашкахь бу а, цара мел ахча доккху а. Масала, спикеран Даудов Мохьмадан цIийнанана цуьнан гIоьнча ю парламентехь.

Къилбаседа Кавказан регионийн массо а куьйгалхоша йовзийтина шайн 2016-чу шарера декларацеш, цхьа Кадыров Рамзан воцчо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG