ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

93 шо долчу Цалиевна машен лело бакъо елла министро


Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Скоков Михаила машенлелорхочун бакъо-тоьшалла делла 93 шо кхаьчначу т1еман ветеранна Цалиев Сафарбина, хаамбо полицин пресс-гIоьнчалло.

Х1инццалц (60 шарахь) бакъонан кехат а доцуш, амма цкъа а некъан бакъо а талхоза, машен лелийна Цалиевс. Бакъду, шен юьртан доза а ца хадийна цо машенахь оцу доллучу а шерашкахь.

Толаман Дийнахь автокъовсамехь дакъалаца магорал совнах, тIеман гайтамна коьрте а хIоттийра иза шен машенца мехкан Iедало.

«Массо а машенлелорхошна а дика масал долчу хьуна ас дозаллийца ло машенлелорхочун кехаташ», элира Цалиевна бакъо луш министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG