Кремл хьоьжу Оьрсийчоьнан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а президенташ Товбеца-баттахь ХIамбургехь «ткъаннан» саммитехь цхьаьнакхетаре, аьлла Путинан пресс-гIоьнчас, хаамбо ТАСС-о.
«Ши президент цхьана хенахь «ткъаннан» саммитехь нисваларе хьоьжу тхо. Иза къамелдан аьтто болуш, дика хьал ду» - аьлла журналисташка Песков Дмитрийс.