ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вирусан атака яьржина дерриг а дуьненахула


WannaCry (я WannaCryptor) цIейолу вирус ю яьржинарг. Цо урхалле а оьций, шен шифре а ерзайой, хуьйцу нехан компьютершна чуьрчу файлийн кепаш, тIаккха мехах эца олу дешифратор.

Антивирус кхуллучу Avast компанин векало Кроустек ЯкубаTwitter-ехула хаамбарца, 60 000 компьютерна йина хIинцале атака.
Хьалхо даьржира, вирус-талорхо чуяьлла Британерчу медицинан системина, аьлла. ХIинца яьржаш ю дерриг а дуьненахула.

Битам вирусан иштта бу: компьютер цIеххьана шашах дIайов, юха хьалалета, тIаккха дуккха а ахча доьхуш сурт хIутту, иза ца делча, компьютеро болх бийр бац олий.

Масала, прессо дуьйцу Испанерчу Telefonica телекоммцникацин компанига хакерша 509 эзар евро дехна, ши де далале ца лахь, цуьнан ерриг а файлаш доьза йовр ю, аьлла.

Хакерийн атака тергонехь ю дуккхаъчу пачхьалкхийн куьйгалхойн а, кхерамзаллин урхаллийн а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG