ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орлов, Травин: Оьрсийчоьнан Ичкерица барт хилла бели моьттура 20 шо хьалха


«Машарх а, юкъаметтигийн принципех а» цIе а йолуш 1997 шарахь Оьрсийчоьной, Нохчийчоьнан Ичкери Республикой бина барт бохийра, хьал тIаме дерзийра инарлийн популизмой, нохчийн тIеман баьччанашкара дийлинчу гIалаташий, аьлла бакъоларъярхочо Орлов Олега а, политолого Травин Дмитрийс а.

20 шо хьалха Елциний, Масхадовссий хIоттийна барт диканца тIеэцнера, цо тIом сацийна, хиндерг бIаьрла гойту, аьлла хетара, дагалоьцу бакъоларъяран «Мемориал» центран куьйгалхочо Орловс «Кавказан Узел» газетехь.

Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь тIеийцира барт. Амма шина шарахь бен ца лаьттира машар – 1999-чу шеран гурахь болабелира Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан шолгIа тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG