ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхенъяно зарратан герзаш хьедар ца дуьту, иза дийцаредан кечлуш ю пачхьалкхаш


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино лерина кхеташо дIахьор ю шинарийдийнахь Къилбаседа Корейно зарратан ракета зерца доьзна. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Японино а дехна кхеташо гулъяр. Къевлинчу хьолехь йийцаре йийр ю инцидент.

КIиранан буса Пхеньяно баллистикан ракета кхоьссина Кусон гIалара. Японхоша чIагIдарехь, Корейн ахгIайренна 400 чаккхарма юьстах охьайоьжна иза, 800 чаккхарма некъ а бина.

«Дуьненаюкъарчу стабилаллана а, кхерамзаллина а зен дина зераша, деэскалаци оьшучу регионехь хьал талхош гIулч ю иза», аьлла Брюссело.

Атлантикан тIеман альянсан (НАТО) векало Лунгеску Оанас, «провокацех а ларлуш, хьолан деэскалаци ян оьшу», бохура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG