ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхи - гIиллакхан хьаст


Шайх Мансуран цIарахчу Нохчийчуьрчу историкийн юкъаралло кху кIирандийнахь белхий вовшахтоьхнера махкахь цIе яхханчу этнографан Хасиев Сайд-Мохьмадан хIусамехь. Церан лаам бу Iилманча вехачу Соьлжан хийистехь рагIу дIахIотто. Оцу рагIу бухахь дешархошца а, студенташца а, Iилманчашца а нохчийн исторех, маттах, гIиллакхех, оьздангаллех, ламастех дуьйцур ду Хасиев Сайд-Мохьмада. Масех бутт хьалха арахеца аьтто боцуш куьйгайозанехь шерашкахь лаьттина «Нохчийн гIиллакхех» этнографан Хасиевн жайна а зорбане даьккхира Нохчийчуьрчу историкийн юкъараллан декъашхойн чоьтах.

XS
SM
MD
LG