Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш дIаяхъеш, тептар кхи тIе а шордина Украинано. Президентан сайта тIехь бина и хаам.
Украинан пачхьалкхехь, указан чулацамца а догIуш, къовлур ю оьрсийн социалан машанаш «ВКонтакте» а, «Одноклассники» а, иштта «Яндекс», Mail.Ru Group сервисаш а.
Ерриг а санкцеш юкъа яхана 500 оьрсийн компани а, 1200 стаг а.