ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтон дуьхьал яла дагахь ю Iамеркан президентна


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан администрацина дуьхьало латточу тобанийн агIо а лоцуш, политикехь дакъалацийта керла организаци кхоьллина Iамеркан президентан харжамашкахь кандидат хиллачу Клинтон Хилларис.

Гурахь харжамашкахь эшначу Клинтона Onward Together (Хьалха цхьаьне) юкъаралла кхоллар, политике иза юхаяран билгало ю.

"Бахархоша политикехь жигаралла гайтар къаьсттина оьшу хIинца вайн демократина", яздина социалан машанехь Клинтона

Шен керлачу боламна тIетайначу 5 аьрру тобанийн цIераш яьхна Клинтона: "Хийцамийн бос", "Iамерка кхоллар" , "Цхьанхьа дакъалацар", "Аьрру агIор гIортар". Тобанинй Iалашо ю: Трампна дуьхьало латтор.

Республикан къоман комитетан пресс-секретара Аренс Майкла тIе ца буьту Клинтона а, цуьнан агIончаша а арабаьккхина некъ.

"Демократаш жимма а кхетамчохь хилча, царна хууш хир дара кху заманчохь Клинтон Хилларина герга аьттехьа гIерта ца везийла".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG