ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелах ведда оьрси Нохчийчохь карийна


Регионерчу ФСБ урхаллан хиллачу капитанан Чуманов Андрейн бехк тIе а чIагIбина, цунна набахтехь даккха пхи шо кхайкхийна Волгоградерчу тIеман кхело. Кхелан прессано бина и хаам.

Капитанан даржера а ваьккхина Чуманов, иштта такха тIедожийна 150 000 эзар сом гIуда а.

"Интерфакс" агенталлан информацица, 2006-2007-чу а шерашкахь Волгоградерчу цхьана бизнесхочунна гIалин юккъехь тоьлла гIишло а эцна, иза то а йина, цуьнан долаерзош гIо дийр ду аьлла хилла Чумановс. Цуьнах тешначу бизнесхочо 13, 5 миллион сом делла хилла цуьнга и гIуллакх цхьалхадаккха. ФСБ-н капитано шен кисана дерзийна хилла и ахча дерриге а. Иштта 18 миллион сом кхаъ эцна а хилла Чумановс, меттигерчу Думан депутат Глазков Евгений юкъахь а волуш.

Депутатна 2,5 шо хан тоьхнера набахтехь чIогIачу хьелашкахь даккха, ткъа Чуманов лехамашка велла, кхо шо а дара тIе ца кхуьу.

Нохчийчохь каравеана Чуманов Волгограде дIа а хьажийна, кхелан кара велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG