ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Граната иккхина лазийна кхиазхо кхелхина


Дагестанерчу Агвали эвларчу компьютерх ловзучу хIусамехь иккхинчу гранатано чевнаш йина дарбан цIийне кхачийначу кхиазхойх цхьаъ кхелхина кхаарийн Iуьйранна.

"Махкархку дарбан хIусаман реанимацехь хIетахь дуьйна кхи метта ца вогIуш кхелхина 10 шо долу кIант", аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале Дагестанан могашаллан министраллан векало.

13 шо долчу кIанта компьютерх ловзучу гIишлонна чуеана граната эккхаран бахьанашца оцу меттигехь веллера 8-чу классера кIант, чохь хиллачу 11 стагна кеп-кепара чевнаш йинера, царех кхоъ Росгвардин вертолетца ХIинжа-ГIала кхачийнера.

.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG