Герз а, патронаш дIадехкина латторна бехкейина, кхеле ялийначу Ведана кIоштан яхархочунна Байсултанова Маликина арахь яккха хан кхайкхийна суьдхоша.
Бутт хьалха лерина операци дIахьочу хенахь, талламаш беш гучудаьллера цуьнагахь и герз. Шинарийдийнахь кхело шо хан тоьхна яхархочунна арахь яккха.
Кхелахоша даредарехь, 4 шаре кхаччалц чохь яккха хан а, доккха гIуда а догIура Байсултанова Маликина низамашца.