ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьндийн, нохчийн конфликтан тIаьхье


Iаьндийн, нохчийн юкъаметтиг талха мегаш болу цатам хилла кху деношкахь Къоьзан-Iоме воьдучу новкъахь.

Iаьндийн кегийрхоша, цига хьалабоьдучу новкъахь шовдан тIе, и некъ беш веллачу кхаа кIентан сийна тоьхна ун дIа а даьккхина, шайн маттахь йоза дерг тоьхнера тоьхнера.

Шина дийнахь бен и ун а ца лаьттина. Шайн агIоран нохчаша дIадаьккхина иза. Баккхий нах а, Iедалхой а гулбелла и гIуллакх дийцаре динера.

Нохчийчоьнца доза дийцарехь оцу меттигехула дIадоьдуш ду. Масех шо хьалха Къоьзан-Iоме некъ буьллуш, нохчийн Iедало некъаахошна аьлла маьждиг а динера, голатуххучохь шовда а тадийнера. Iаьндошна а чIогIа аьтто баьллера, царна, масала, ХIинжа-гIала боьлхучул а Ведана я Соьлж-гIала атта ду.

Iаьндошца хилларг хIун ду, и ун дIа хIунда даьккхина аш, цуьнан тIаьхье муха хила мега аьлла цаьрца цхьанакхийтира юкъаралхойн тоба. Цуьнан коьртехь вара Успанов Юни. Iаьндойн кегийчу нехан хьалхаваьллачу Хасаймирзас иштта дийцира хиллачух.

"Оха нохчий лору, цхьаболчу нохчаша вовшах лоручул а чIогIа".

Хасаймирза: "И маьждиг схьадоьллучу хенахь со цигахь вара. Тхайнаш ша верриг кхеташ а вац цуьнах. ДоIа а дина, мовлид йийшира цигахь. ТIаккха, шучарех цхьаммо нохчийн маттахь тхайчунга хаьттира, оцу беллачу кIентийн сийна и ун тоха мегар дарий цигахь аьлла. Шовданах къамел а дацара иза. Оха лоруш бу нохчий. Оха нохчий лору, цхьаболчу нохчаша вовшах лоручул а чIогIа. Иштта схьабеъна бу и ларам оьмаршкара дуьйна.

Хилларг, шуьца ларам ца хиларна дац. Доцца дийцича, тхуна и ун кхечу меттехь, машен бердах яханчохь хIоттор ду моьттинера. Со иштта кхеттера. Массо а кхеттера иштта. Тхан стага тхоьга иза иштта гочдира: нохчаша и ун цигахь хIотто мегий аьлла хаьттина. Оха, мега аьллера".

Iаьндоша шаьш кхета боху кхана-лама шайна шайн дозанехула боьду некъ къовла мега аьлла. Иза дIакъовлахь, шайн кхин некъ бу а боху Хасаймирзас.

"Хьуна цкъа а гиний Iаьндичо нохчех вон дош олуш?"

Хасаймирза: "Тхоьга ца дуьйцуш хIума ца дисина: некъаш дIакъовлур ду Нохчийчухула ца лелийта. Тхо ца лелча а мегар ду. Тхан кхин некъ а бу. ХIинца-м и гIуллакх лакхахь дуьйцуш ду. Динарг ямарт хIума ду бохуш дийца а мегар дац. Хьуна цкъа а гиний Iаьндичо нохчех вон дош олуш? Ца гина. ЧIеберлой бохуш инстаграмм чохь тоба ю. Цара яздо, и меттигаш нохчийн ю бохуш. Ас яздира "яц, Iаьндийн ю" аьлла".

Нохчийчура бахархошна, Iаьндошца лулахь баьхначарна-м хIетте а халонга даьлла цара динарг. Юкъаралхойн тоба цига йоьдуш юьйла хиъча, хIунда дина цара иза, уьш шаьш дIасалелаш некъ ма бара иза, цара шайн ду боху шовда ма дара тадийнарг, бохура наха.

Успанов Юнис шен къамелехь Iаьндошка дIахаийтира, шайн юьртара бакхийчу наха а, имама а бохучунна тIехдовла мегар дац аьлла.

"Масала, хьо оьзда вайцахь, со хьоьца гIиллакхехь хиларх хьо кхетар вац".

Успанов: "Со кхийтира иза дов дала мегаш хьал дуйла. Молла а, администрацин куьйгалхо а, кегийрхой а баьхкинера. Ас моллига хаьттира, бусулба стага санна жоп лохьа, нийса хIума дуй цара динарг, аьлла. Амруддис бахарехь, моллас ойла а йина элира: нийса ца дина. Цо иза аьлчул тIаьхьа, кегирхой цунна коча бахнера, хьо оха моллан даржера вохор ву аьлла.

Ас, хьоьга Хасаймирза цхьа хIума эр ду. Хьо, масала, боьха стаг велахь, со хьоьца гIиллакхехь хиларх хьо кхетар вац. Хьуна дIахаийта дезаш ду иза кхечу агIор. Ткъа хьо оьзда стаг велахь, хьоьца со а хир ву оьзда.

ТIаккха хьо кхиъ тIех оьзда хир ву соьца. Вай кхачамбацарш вовшех лехьо хIоттахь, иза мел дукха карора ду хаьий хьуна? Цхьа оьзда воцу стаг тоьар ву тIаккха, къовсам баккха".

Успанов Юни дIахаийтина хилларг бахьанехь Нохчйичуьра дог-ойла. Нах чIогIа оьгIазбахана бу аш динчунна, аьлла тIетуьхира цо.

Успанов: "Адам оьгIазе ду. И ун ша долччахь аш дитинехьара, шу сийлахь хир дара. Наха хIун боху: дика ду, "шовда" дош гоч а ца деш дIатоьхна и ун. Ткъа, аш и некъ буьллуш веллачу кхаа стеган цIераш тIехь йолу ун дIадаьккхина".

Iаьндийн кегий нах, эххар а къера хилира шаьш динарг хаза а, нийса доцийла. Шайна иштта халонга дер дуйла хууш дацара боху цара, амма шаьш дIадаьккхина ун цига тIетухура ду, я дIатоха а ца элира.

Иза царна лиъча а, дийр долуш дац хIинца нохчаша а. Цига уллехь, нохчийн доза ду боххучохь шовдан тIе тоха дагахь ду.

Дов дирзина ала мегар ду, амма дегнашкахь вон мекха йитина хиллачо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG