ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши сапер иккхина Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Шуьйта кIоштахь минаш лоьху ши сапер вийна, цхьанна чевнаш йина аьлла, хаамбо оьрсийн хаамийн гIирсаша.

Къилбанерчу тIеман штабан информацица, сихонца тIеман лазартне кхачийна чевнаш йинарг, кхачо йоллу цуьнгарчу хьолах хаамаш цкъачунна бац.

Мина иккхинчу меттигехь дIахьош талламан белхаш бу, бахьанаш къасторхьама. Оьрсийчоьнан инженерийн эскарийн куьйгалхочун гIовсна Аллахвердиев Русланан аьллачунна тIе а тевжаш, зорбанаша яздора, карара шо долалуш, 2019-чу шарахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш минех цIандан сацам бина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG