Журналисташка а, бакъонашларъярхошка а Нохчийчуьрчу къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата дина шога дIахьедар могIарера хIума ду, дерриг могуьйтучу махкахь аьлла Оьрсийчоьнан журналистийн союзан хиллачу секретараша Гутионтов Павела а, Ажгихина Надеждас а.
Умаровн дIахьедаран мах хадор бакъонна тIе тевжаш хила ца деза, тергоне эца деза нахалахь лела къепе цо йохийна хилар аьлла бакъонашларъярехула йолчу центран директоро Арапова Галинас.
"Нохчийчоьнан Iедалан урхалхоша дукха дийцина, амма цара буьйцу боьха мотт, журналисташца-м хIунда дуьйцура, юкъараллехь а бийца йиш йоцуш бу" аьлла Гутионтов Павела.
Журналистийн союзан хиллачу секретара Ажгихина Надеждас "Кавказан узел" агенталле дIахьедина "Прессан векалшка нохчийн Iедало кхерамашца, сийсаз къамелдар Оьрсийчохь низамаш болх бан дуьйладелча бен соцур дац" аьлла.