ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан дарже хIоьттичхьана пIераскандийнахь дуьххьара белхан хьокъехь пачхьалкхашка дIаса воьдуш ву Трамп Доналд.

Рейган Роналдан хенахь дуьйна президенташа шайн турне дуьххьара йолайора Мексикера а, Канадера а. ХIоьттина даьлла ламаст доха а деш, дуьххьара СаIуда Iаьрбичу ваха Iалашо лаьцна Трампа. Обама Барак куьйгаллехь волчу шерашкахь жимма херо йоьллера Вашингтонан а, Эр-Риядоман а юкъаметтигашна. Трамп тешна ву, зIенаш тоян аьтто шен хирг хиларх.

Цигара дIа президент Израиле воьду. Иштта планехь ду цуьнан Палестинан президентца цхьанакхетар а. Цул тIаьхьа Ватикане кхочур ву Трамп папа Францискца дийцарш дан.

Римера дIа Брюсселе кхочур ву президент, цул тIаьхьа Итале юхаван декхаре ву, Сицилехь дIахьонйолчу саммитехь хила.

XS
SM
MD
LG