ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нью-Йоркехь динчу зуламехь зенаш хилла


Нью-Йоркан Таймс-сквер майданахь иккхинчу зуламехь 1 стаг велла, 22 чевнаш йина аьлла, хаамбо меттигерчу Iедало. Еарийдинахь 26 шо долчу Рохас Ричарда Манхэттенехь новкъахь дIасалелачу адамашна тIе машен хехкинчул тIаьхьа лаьцнера иза.

Дийцарехь, психикаца проблемаш йолчу Рохасна лууш хилла полисхойн карах вала. 18 шо долу турист ю елларг. Зулам дечу хенахь маларх кхетта а ца хилла Рохас, амма полицин шеконаш ю, наркотикех цо пайдаоьцуш хиларх.

Хьалхо меллачу хьолехь автомобиль лелош лаьцнера иза. Масех де хьалха, финансин кехатна кхуьнга куьйгяздайта веанчу клеркна урс даьккхина, чу гIиртина хилла Рохас.

Цуьнан гергарчара тоьшаллаш дарехь, тIаьххьарчу хенахь, Рохаса даим моьлуш хилла, галлюцинацеша хьийзош а хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG