ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со Шема яха лууш яцара, сайн цIийндас аьлларг ца дича ца йолура..."


Шемахь хиллачу доьзалшна кхел йо Асвтрин Iедало

Австрехь дIахьочу рогIерчу джихадхошна ечу кхелехь бехк хоттуш бу нохчийн маьждигехь хьехамашка ладегIначул тIаьхьа, Шема тIаме бахана ларалучу боснихойн доьзалшка.

Доьзалшка бохург кхузахь доллучу маьIнехь кхета догIу, хIунда аьлча, кхеле озийна ши боьрша стаг ву, шаьшшиннан хIусамнаношца. Иштта кхин цхьа стаг а вара кхелехь хила везаш, шен зудчуьнца, амма иза ведда, къайлаваьлла.

И кхо да-нана бехке деш ду, Австрера дIа шайн бархI бер а эцна, Шема а дахана, цигахь ДаIиш тобанах дIакхетта хиларна.

"Бехкевийриг Австрехь иччархочуьн экзамен дIа а елла, говза герз тоха Iамавелла хилла, ша Шема вахале".

ДаIишан коьрта шахьар ларалучу Раккъа гIалахь хан а яьккхина, цу тобан могIаршлахь тIемаш а бина, юха цигарчу хьолах догмовла а бевлла, Австре юхадирзинчехь лаьцна ду.

Бехкебечийн гIентахь Iаш волу цхьа стаг Австрехь иччархочуьн экзамен дIа а елла, говза герз тоха Iамавелла хилла, ша Шема вахале. Ткъа цигахь иза снайпер санна тIом беш хилла бохуш чIагIдо Грацерчу прокуратурано.

Бакъду, ша цу стаго иза дацаре до. Даре до цо а, вукху кхаа бехкедечара а шаьш боккъал а Шема ДаIишах дIакхета дахана хилар а, цигахь ша шех "Исламан пачхьалкх" олучу ДаIиш тобано лелош йолу къизаллаш гинчул тIаьхьа чам а баьлла, девдда, девлира шаьш бохуш чIагIдо цара.

"Къизачу видеошка хьежначул тIаьхьа, 6 шо долчу беро шен ловзош йолчу тайниган вортах урс ду бохуш, месаш шарйо ехка а хьокхуш, гойтуш хилла".

Ала дашна, къизаллех лаьцна цу нехан бехктакхаман гIуллакхехь яздина ма-хиллара, инзаре къиза суьрташ а, видеогайтамаш а шинна а дас-нанас шайн кегийчу берашна шаьш Шема дIа а дахале кест-кеста гойтуш хилла, кафирашна а, муртадашна а арсаш муха хьекха деза бохург цу берашна Iаморхьама.

Царех цхьаннан 6 шо долчу кIанта, цу къизачу видеошка хьежначул тIаьхьа, шен ловзош йолчу тайникан чакIорнина вортах урс ду бохуш месаш шарйо ехка а хьокхуш гойтуш хилла, кафирашна нийса урс муха хьакха догIу, ден-ненан цо иза дича самукъа а долуш.

Доккхачу декъехь, цу нехан бераша ишколехь а, берийн бошмашкахь а шайна Шемахь а, шайн доьзалехь а гинарш-Iамийнарш дIадийцар бахьана долуш гучудийлина ду цу кхаа доьзалех долу дукхахолу хIумнаш.

Иштта, масала, Грацерчу прокуроро кхелехь йийшира, полисхошка цу нехан берех цхьаммо, 9 шо кхаьчна волчу кIанта, дийцинчун протоколан кийсакаш.

"И санна дешнаш ДаIишан пропагандера дешнаш ду“.

Цхьаьна сарахь ша шен деца Раккъа гIаларчу маьждигера цIавоьдуш волуш майданахь гулбелла дукхаъ нах гира шайна, бохуш дийцинера цу беро.

Шаьшшиъ тIевахча, цхьана стаго микрофонехула гулбеллачаьрга хаьттира, шена уллохь куьйгаш дIа а дихкина, горхIоттийна, вен кечвинчу цхьана кхечу стеган корта баккха лууш цхьа а вуй шух аьлла.

ТIаккха цхьаммо цу стеган корта баьккхира, бохуш дийцинера шена гинарг 9 шо долчу кIанта. „Цу кIанта ца элира и стаг вийра аьлла. Цо элира цу стагана хаспа дира аьлла. И санна долуш дешнаш ДаIишан пропагандера дешнаш ду“, - аьлла, тIетуьйхира кхелехь прокуроро.

Ала дашна, карарчу хенахь кхеле озийначу дай-наношкара бераш Iедало дIа а даьхна, кхечу доьзалшка Iуналла дайта дIасадекъна ду. Царех цхьаммо, 8 шо долчу йоIа дийцинера ишколехь шен хьехархочуьнга, шаьш Шема дIа а дахале дас-нанас хиджаб лелаян омра динера шена, шена иза лелон ца лаьа аьлча, йиттира шена дас а, нанас а, аьлла.

Ткъа шаьш Шемахь долчу хенахь цигахь 40 градус тов йолушехь шен нанас никъаб а, Iаьржа карнаш а лелон дезар, тIаккха цуьнан цигахь кест-кеста дог гIеллора, бохуш.

"Майрчо аьлларг дан дезаш яра со“.

Цу йоIа юьйцуш йолчу нанас кхелехь шен бехк тIе ца ийцира. Ша Шема яха лууш а яцара, бохуш дийцира цо шега процессан хьалхарчу дийнахь дош делча, шен хIусамда вара шаьш цига дигнарг, аьлла.

„Сайн майрчунна дуьхьал баккха ницкъ бацара сан. Майрчо аьлларг дан дезаш яра со“, - элира цо, Грацерчу маьждигерчу имамо шайга хIора а бусалба стеган декхар ду Халипате хиджра дар бохуш дийцинера, массо а вара цундела цига кхача хьаьгна, аьлла тIе а тухуш.

Оцу зудчо вуьйцуш волу Грацера имам 43 шо долу нохчийн къомах Висита ву, даханчу шарахь шен маьждигехь радикале хьехамаш а беш, бусалба нахана Шема тIаме бахар марздарна бехке а вина, ялх шарана чувоьллина волу.

Вуно шогачу кхерамазаллин гIулчашца ларъеш йолу джихадхошна тIехь процесс Грацерчу кхелехь кхин масех денна яхлур йолуш ю.

Iедалхоша дийцарехь, цу процессехь цхьа могIа хIинцалца схьа юкъараллина ца девзаш хилла деталаш гучудевр ду, ДаIишах а, цигарчу Iер-дахаран кепах а, ткъа иштта Австрера дIа Шемарчу джихадехь дакъалаьцна баханчу нохчий, боснийхой, туркойн къомахчу нахах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG