ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ, Караулова, хьо, со, ...иштта Кремл а


4,5 шо набахтехь такха декхаре ю 21 шо кхаьчна Москох Университетехь дешна Караулова Варвара. Иза бехке йина Оьрсийчоьно зуламе лоручу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан могIаршка хIотта лууш хьийзарна. Дукха мехкарий бу нохчех а изза таIзар тIеэца тарлуш. Шема бахана а, баха ойла къадош а...

Караулова бехкейина Оьрсийчоьно зуламе лоручу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан могIаршка хIотта лууш хьийзарна. Адвокаташ реза бац. Уьш Лакхарчу кхеле бевлла. Ткъа Карауловас Туркойчу а кхаьчна, цигара Шема йоьдуш, ша дозанехь лацар дузу депрессица а, шена чохь иккхинна хиллачу «бераллин гIаттамца» а.

Еарийдийнахь, кхело шен сацам дIабешначул тIаьхьа, Варварин дас Караулов Павела аьлла журналисташка, реза вац ша таIзарна, «талламчаша тешнабехкаца йоI ша-шена тIелейтина».

Кхел кхана ю аьлча, Маршо Радион а хилира Караулов Павелца къамел. Цо дийцира шен йоI муха кхуьуш яра, хIун дара иза бусалба дине кховдар, Шема яха араяьккхинарг. Уггаре хьалха, йоI лехамашкахь яра, бусалба дин тIеэцна йолчу цо, оцу динехь ирс лоьхура, жима стаг а везавелла, иза волчу яха араяьллера, цуьнца кхело юьйцу и радикализм янне а яцара, боху дас. Иза хIинца зеделларг долу да ву, цундела, хьалха ша а санна, бер бохамна кIелхьара даккха гIерташ хьийзачара телефонаш етта цуьнга. Цо шена хуучул бо хьехамаш.

Караулов: «Суна хетарехь, хIинца коьрта ду нахана, бохамна кIел бисинчарна. гIодар. Варяс а, кху хьоле кхаьчначу ас а ца дина, хьан дийр ду и гIо?​

Караулов Павел
Караулов Павел

Соьга телефонаш етта наха, цара хIун дан деза иштачу ситуацехь, уьш боьхна хьийза, мича баха беза, со суо а ма вахара ФСБ а, полице а, Петровке а. ХIун дан деза, Iедал хьо чуволла кечлуш хилча? Цхьаверг кечлуш ву, цхьаверг дIавахана, важа новкъахь ву, кхиверг юхаван лууш ву…

Прессехь ма-яздарра, цхьана дийнахь 12-за бевлира соьца нах хьехам боьхуш зIене. ХIинца а буьйлу. ХьастагIа, масала, Ростовра нах бара телефон етташ, шайгахь а ю изза ситуаци, цигахь жима йоI ю жихIадхочуьнга безам бахана, шаьш кхеташ дац, боху. Дега-нене йовхо яц, ур-атталла юуучух а кIезиг кхета, боху… МогIара хеттарш ду-кх…

Со говзанча вац, амма ас далург дийр-м ду, со чекхваьлла иштачух, мелла а гIодан таро ю».

Дас а, кхечу Варвара евзинчара а дийцарехь, йоьIаца хилларг кхечу, и санна, Шема баха новкъа а бевлла, амма цига дIа а кхаьчна, дуьненна а хезера бевллачу, байначу мехкарех хилларг ду безамах, бовхачу, цIеначу, кIоргачу безамах хьагар.

Уьн-шерашкахь дуьйна Шема ялсаманенна луларчу меттигех бусулбанаша ларар а, цигахь лета къонахий, малар-озар доцуш, сакхтех цIена, куьцехь борша нах хилар – царна улле хIиттича шаьш массо а маьIнехь ирсе хир ду боху тешам… Кавказера хьовха, дуккха а кхечу меттигишакара, бусалба дин тIе а оьцуш, дIаихина мехкарий, зударий и ниIмат лоьхуш.

Кхо шо хьалха ДАIИШе дIаяхара Нохчийчуьрчу миграцин урхаллан буьйранчин Дудуркаев Асун йоI Седа. Яцара иза, дийцарехь, жихIад даккха хьаьгна - безамо йигира. Да а, гергарнаш а бевлла лийлира иза юхаяло гIерташ. Амма ДАIИШ яц атта ваханарг юхавоьрзу меттиг – ца белира йоI цIаерзо аьтто. Кадыровс балхах а вохийра да.

Караулова Варварас кхеле дийцира иштта: «Со цигахь маре яха дагахь яра, тешамечу майрачун куьйга кIел хIотта, цуьнан гIайгIанца яха. Ислам цIенна лелачу махкахь ехар ю аьлла тешна яра».

Бакъду, юьхьанца шеца зIе а латтош, ша социалан машанехула ир-кара хIоттийна кIант цкъа Васечкин Петр аьлла вара зIенехь, тIаккха шех цо Клаус-Клаус, юха Соколов Влад олура, тIаьххара а хаийтира шен бакъ цIе Саматов Айрат юйла, цо бусалба дин тIеоьцуче а кхачийра ша, дийцира кхелехь йоIа.

Варвара новкъа йолучу юкъанна. вайна, карош а ца хилла цунна Айрат, амма карийна кхин, скайпехула никъах а деш, цуьнан дола а яьлла иза – цуьнан цIе Надир хилла. ЦIеххьана зIеневаьлла хьалхо вайна хилла Саматов Айрат, дерриг а дитина, цуьнга мареяха йоллура ша, дийцира Варварас.

Мехкарийн, зударийн хьогамаш, лаамаш бу юкъара. Безамах, тешамах, иманах хьаьгий арабовлу ДАIИШ-е боьлхурш, аьлла хета Маршо Радиоца къамел динчу зударшна, журналистна а, экспертна а.

Хирг хIун ду, стенца дозу махкара мехкарий, зударий идар? Дагестан я Нохчийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь я ГIалгIайчоь тIахьакхиина ялале, дукха бу ДАIИШе дIа а кхаьчна, гергарчарна кхин буьйцу хезна а боцуш, байна зударий, зудабераш.

ТIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчуьра 300 стаг вахана дIакхетта тIемашкахь йоллучу ДАIИШ-ах, дуьйцу меттигерчу бакъоларъярхоша. Иштта нохчийн ши йоI яхана, боху, Москох университетера дешар а дитина. Нохчийн мехкарех дерг Маршо Радионо дийцаредира Нохчийчуьрчу журналистца. Оха цIе ца йоккхуш юьту иза.

Муха го, муха туьду мехкарий, зударий тIамна юкъагIертар гоьбевллачу бакъоларъярхошна? Иза кхеторхьама Маршо Радионо къамелдира Нохчийчохь адамийн бакъонийн терго еш а, шина шарахь Соьлж-ГIалахь университетехь хьоьхуш а хиллачу историн докторе, Оьрсийчохь «Дуьненаюкъарчу кризисан группан» декъан коьртехь йолчу Сокирянская Екатериница. Цо дуьйцу, стенна лоцу мехкарша ДАIИШе боьду некъ юьхьара.

Сокирянская: «Баккъал а проблема ю, зудабераш дIадоьлху, зударий дIабоьлху. 2 шо хьалха иза долалучу хенахь, ДАIИШ радикалхойн, жихIадхойн толаме проект ю аьлла хетачу муьрехь, цигахь баккъал а керла дахар долон аьтто бу аьлла хеташ, дукха нах цига боьлхура.

ХIинца кхетадоьлла, цигахь мел хала ду а, зуда цигахь мел боккхачу балехь ю а, цига кхаьчнарг юха ца валой а.

Цига зударий, йозанашкахула божарий а бевзий, безам лоьхуш боьлху. Юьхьанца реза а хуьлу, гарехь. Амма майранаша тIемаш бо – ДАIИШ-ехь тIом беш вацахь, я цхьана ницкъашца вацахь, алапа а, я кхидолу рицкъ а, я хIусам а ца ло. Ткъа экономика цигахь ян а ма яций.

Майранаш цхьа хан яьлча бойу. Зударий «нускалан цIеношка» дIагулбо. Уьш цигахь алссам IаьIа. Ткъа цигара ур-атталла памперсаш эца а леррина тIевиллинчу тергамчас буьгу. Хала ду-кх зударшкара хьал. Паспорташ дIаоьцу. Бераш халифатан ларало. Цигара дIабаха таро а яц.

ЦIера, дай-нанойх уьду романтика лохуш, дахарехь шаьш-шайна аьтто лоьхуш.

Кхин а цхьа категори а ю зударийн – шаьш цIахь битича, дуьххьарлера ирча маре кхачийча, цига дIабоьлхурш. Уьш балехь, сахьийзамехь Iаччу юкъанна нисло царна тIе ДАIИШе уьш дIакхойкхурш. Цара болх оцу зударшца говза бо. Тешабо уьш шаьш оьшуш меттиг а ю, цигахь Далла Iамал а еш, тIедехкина фарзаш кхочуш а далур ду, цигахь безам а, ларам а карор бу, олий».

Буьйцучу мехкарийн, зударийн масал ду кху деношкахь набахте хьажийна Караулова Варвара. Амма иза кхета а йина, гIеххьачул човха а йина, йита догIучохь, цунна пачхьалкхо ондда тIаIзар дина, иза нийса дац, Караулова санна, дохкобовла луучаьргахьа яц пачхьалкх, цо шех къахкаво кхета лууш верг а, боху Сокирянская Екатеринас.

Сокирянская Екатерина
Сокирянская Екатерина

Сокирянская: «Кхел деккъа дIа бехк тIебожабе меттиг ю вайн. Талламан урхаллина хIоттийна Iалашо ю, материалаш а гулйина, стаг бехкехилар тIечIагIдан. Талламчига иза ца далахь, кхелехь иза эшахь, цунна минус ду. Цундела иза ма-хуьллу тоьшаллаш гулдеш, дерг а, доцург а вовшахдетташ, факташ лахьош лела, бехк тIера ца балийта араволу.

Кхузахь а хилла, хетарехь, политикан сацам. Наха тидаме эцна ма дарий и дов. Дина таIзар ,иза нахана гайта дина ду, пачхьалкхо хоуьйту, иштаниг цаьргара даьлча, ша цаьрца мел луьра хир ю.

Суна хетарехь, вуно вон масал ду иза. Оцу йоIаца къиза хиларал совнаха, зуламе а ду. ХIунда аьлча, сацам нийса беш хилча, кхеташ ду, иза террорхой болчу йоьдуш хилла, тIом – ловзар дац, иза дозанехь сацийна – амма иза ша юха ма яьлла, хилла цуьнан ша юкъаозийначуьнца зIе, цуьнга цхьа информаци дIакхачо а гIиртина иза.

Кхеташ ду, вайн низаман системо бехкейийр яра иза. Амма сацам кхин балур ма бара. Иза чохь яккхина хан дIалоруш хила тарлора, я арахь токху хан хилалора, суна 2 шо тухур ду моьттура, амма 4 шо ах шо – иза тIех дукха хан

Иза массарна хаийта дина ду, терроризмца, мухха а, доьзнадерг таIзаре доккхур дуйла гойтуш. Хилларг-лелларг бен-башха а дац, доьзна дуй - лаккхара таIзар дийр ду бохург ду иза.

Сацамо кхин цхьа хIума а гойту, дохко а ваьлла, ДАIИШ-ера Оьрсийчу юхавагIертар эрна ду боху цо».

Доьзалехь жихIадхойх дIакхета лууш стаг ваьлча, и проблема иккхича, хIун ду хьеха говзанчийн, дуй-те гIайгIане даьллачу дена-нанна, йиша вешина Оьрсийчохь кхача гIо? Ишта гIо хуьлийла ду, боху Оьрсийчохь «Дуьненаюкъарчу кризисан группан» декъан коьртехь йолчу Сокирянская Екатеринас.

Сокирянская: «ХIун дан деза шен доьзалхо сацон, оцу новкъа ца валийта? Оха а йойу оцу ойланна тIехь дукха хан. Со, масала, профилактиках, баха дог дерш юхаберзорах лаьцна болх кечбеш ю. Иза дерриг а дуьненан проблема ю. Тахана Iилманчаш а, пачхьалкхаш а ю цуьнан ойла еш. Мехкашкахь леррина программаш ю доьзалшна цу тIехь гIодеш.

Чуьра доьзалхо радикалан ойланашка веъча, бузий хьаьвза доьзал, царна ца хаьа хIун дан деза. Ца теша нах шайн пачхьалкхах а, цуьнан низамхойх а, Караулова Варина хан тоьхначул тIаьхьа муххале а баьхьар бац пачхьалкхана тешо шайгара бала.

Нахана ца хаьа, хьанга орца деха деза, царна ца хаьа муха кхочу доьзалхо радикализаце, ца хаа дай-наношна шайн бераца муха къамел дан деза. Амма бу нах и хаарш долуш, цаьрга далур ду гIо.

И тайпа информаци массарна а тIекхочехь хила еза, иштта ситуаци тIейоьжначу доьзална ца деза ша бехке хета. Иза муьлххачу а доьзална тIехIотта тарлуш ситуаци ю. Жима стаг, къона йоI –церан уггаре а дахаран некъ лоху хан ю. Цара аьттонаш лоьху, я доьзалехь халонаш го, царна сагатдо.

Царна дан ду гIо. Тхуна хаьа иза муха дан деза, ткъа дай-наношна лаа а деза шен берана накъосталла дан, царна санна чIогIа цхьанне а хлуур ма дац шен бер балехдаккха. Цундела дай-наной хила беза пахьалкхана оцу профилактикехь накъостий».

Караулова Варварина, цуьнга ма-хуьллу, Iехош-тилош, дерриг ахьа а диллийтина, набахте хьажийна, иза Шема яха лаам болуш хьийзинехь а, дIакхаьчна цахилар а ца лоьруш. Караулов Павла а, Сокирянская Екатеринас а ма-баххара, пачхьалкх яц галбевллачарна тIетовжа.

Оьрсаша ма-аллара, хе хьош волчунна кхача цхьа гIо ду – шеггара, хе хьош волчуьнгара. ТIебоьжна бала шун доьзалехь белахь а, дац дерриг а дакъаза даьлла – лаха Караулов Павел санна, къаьхьа зеделларг долу нах, я баккъал а къинхетаме волу бакъоларъярхо. Цара бийр бу хьехам, дуьйцур ду шайн бер кхетамчу далош, хIаллакьхуьлучу новъкара цIадерзош шаьш хьегнарг...

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG