ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ибрагимов Ризван: "ХIара харцо ас нахала йоккхур ю..."


Яздархочун Ибрагимов Ризванан кхелан рогIера кхеташо дIаяхьара Соьлжа-ГIаларчу Октябрск кIоштан кхелехь. ХIинцалц хиллачарех къаьсташ яра иза: тахана мелла а, луьсту дов дийца долийра.

Виъ теш а левира, зен хиллачу агIоно валийна волу. Бехк буьллучу агIор тешех цхьа стаг вацара веъна. Церан тешийн гайтамаш кехатан тIера дIабийшира прокурора.

Ши кIира хьалха хиллачу кхелан кхеташонехь кхелахочо магийра рогIерачу кхеташонехь видео а, аудио а яккха. Амма тахана бIостнехьа берзийра цо шен сацам. Зал чохь мел болучаьрга дIаяйитйира диктофонаш. Прокурор а тIетайра цу сацамна.

Ибрагимов Ризванан адвоката Касумов Султана къовсаме даьккхира и гIуллакх. Яздархочунна-историкна тIехь йолу хIара кхел шуьйрачу юкъараллехь гIараяьлла ю, цундела лаьа шайна иза йовзийта, элира цо.

Касумов: "Дуккха а хаттарш ду хIокху процессех юкъараллера а, хаамийн гIирсашкара а. Вайн кхелаш чекх са а гуш ю, 1937-гIа шо а дац арахь, кхаанчийн кхелаш а яц вайн. Оьрсийчоь демократин пачхьалкх хилар тидаме а оьцуш, ас ларвечун бакъонаш йоха ца яр доьху ас.

Нагахь санна, шу таро яцахь, оха тхаьш йоккхур ю процессан видео. Иза къевлина а яц, иза къайле юьйцуш а яц. ХIара йиллина кхел ю. Кхелан мах лаккхара хадийча тхуна а атта хир дара, Конституцино еллачу бакъонех пайда эцарехь".

Шинна а агIоне ла а доьгIна, кхелахочо Налаева Хедижата кхел сацийра цхьана итт минотанна. Иза дехьачуяьлча, Ибрагимов Ризванан а, прокуроран Эльмурзаев Ахьмадан а къамел хилира.

Ибрагимов: "ДIаяханчу кхеташонехь ахь дина къамел а, хIинца а деш дерг дIаяздина ду. Тахана дуьхьал дерг дуьйцуш ву хьо. Хаза дац хьуна, жима къонах! Иза ша дерриг интернет чу дуьллур ду хьуна».

Прокурор: "Сох лаьцна хIуммаъ ма дийцалаш".

Ибрагимов: "Хьоьца гамо хила суна хьо вевзина а вац кху чохь бен. Амма хьалха хиллачу кхеташонехь ахь дийцинчунна нийса дуьхьала къамел деш ву хьо. ХIара харцо ас нахала йоккхур йолуш ю шуна. Прокуратуре арз а лур ду».

Ибрагимов Ризванна, цуьнан жайнаша къаьмнашна юкъахь питан а, цабезам а баржош бу аьлла арз дина йолу Зайпулаева Заира цкъа а еъна яц кхеле. Цуьнан кехата тIера гайтамаш а боцуш, иза дIа а хIоттийна, леян лууш ву Ибрагимов Ризван. Иза схьаяллалц кхел лартIехь дIагIур яц элира цо.

Ибрагимов: "Заирас ша кхуза ца ян дIахьедар дина. Вай иза озийна схьа-м йоккхур ю кхуза. Кхуьнга бехкбилларан сацам а бешийтина, тIаккха схьайоьхур ю-кх вай иза".

Кхелахочо Налаева Хедижата, ша юхаеъча чIагIбира видео яккха бакъо ца ло аьлла шен сацам. Кхелахо шайна ца тов аьлла дIахьедар дира бехкбуьллучу агIоно. Иза тIе ца дитира цо, процесс аш ма дийццара шуьйрачу юкъараллехь маьIне яц аьлла. Кхелахо юха а араяьлча, юха а вистхилира Ибрагимов Ризван.

Ибрагимов: "Мехалла дара хIара, со лаца а лаьцна, чу а воьллина ток еттачу хенахь, меттах бовла безаш ма бара хIорш".

Кхелан секретарь: "Ибрагимов, аудио дIаязъеш ю хьуна кху чохь".

Ибрагимов: "ХIумма а дац, нахана хазийта дуьйцуш ма ду ас иза. Сан хIорш къайлабаха меттиг ма яц".

Кхелан кхеташо шина сахьтехь сов лаьттира. Кхиболу тешаш бало беза аьлла омра дира кхелахочо Налаевас. Кхелан хIусамера арабевлча, адвокате Касумов Султане хаьттира ас, цо муха мах хадабо кхеташонан аьлла. Иштта жоп делиира цо.

Касумов: "Юьхьиг вон яц. Бехк кховдочу агIонан бух ледара бу. Со цецволург ду, экспертан кхеле кхайкхина ца хилар. Кхеалхочо ялор ю аьлла иза юха кхеташонехь. Пайзулаева а яц схьайоьхIуш. Цунна тIера доладелла ма дай хIара ловзар а".

Ибрагимов Ризванна тIехь йоьдучу кхелан рогIера кхеташо кхайкхийна Стигалкъекъа - беттан 30 -чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG