ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терекан" тренер дIавоьду


Соьлжа-ГIалин "Терек" футболан тобан коьрта тренеро Рахимов Рашида ша дарж дуьтуш хилар тIечIагIдина. ТIаьххьарчу шерашкахь "Краснодар" футболан тобанца болх бина Кононов Олег ву цуьнан метта хIоттош. Кхо шо хьалха веара "Терекан" коьрте Рахимов Рашид.

Ша дарж дитаран бахьанаш ца дуьйцу Рахимовс, делахь а хууш ду, клубан куьйгаллица къамел динчул тIаьхьа, цо и сацам тIеэцнийла.

Билгалдоккху, Рахимов тренер хIоьттичхьана, кхаа матчехь 45 толам баьккхина «Тереко», 41 эшна, 25 цхьа а ца тоьлуш чекъелира матч.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG