СаIуда Iаьрбийчоьнан тоьлла совгIат- паччахьан Iазиз Iабделан цIарах мидал елла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентна Трамп Доналдна. Карарчу хенахь паччахь лаьттачу Салмана шен карара делла Трампна совгIат. Президент хIинца а юхаверзаза ву Эр-Риядера.
КIайчу ЦIийнан хаамашца, дийцарш дерзош куьйгаяздан Iалашо ю 100 эзар миллиард долларашна Iамеркан герз эца бинчу бертана.
Хьаькамаша билгалдаккхарехь, бина барт "гIажарошкара кхерамна" дуьхьал бу, регионехь машар хиларан агIонча Iамерка хилар а гойтуш.
Иштта куьйгашяздан тарло, СаIуда Iаьрбичохь Iамеркан 150 Blackhawk (Iаьржа куьйра) вертолеташ вовшахтосур хиларца бинчу бертана а.