ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь а, Шемахь а тIом бан леррина эскар кхоьллина Эр-Риядехь


Эр-Рияд, Iаьрбийн пачхьалкхийн саммит. Стигал.21.2017.

Иракъехь а, Шемахь а террораца къийсам дIабахьа леррина тIеман контингент кхолла сацам бина, Iамеркан президент Трамп Доналд дакъалоцуш а волуш хиллачу, Iаьрбийн пачхьалкхийн саммитехь.

Цунах лаьцна дуьйцуш ду и саммит дIаерзош Эр-Риядехь тIеэцначу документа тIехь.

СаIудийн пачхьалкхан коьртачу гIалахь хиллачу цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцучу 50 сов пачхьалкхийн куьйгалхоша къобулдина Иракъехь а, Шемахь а антитерроран тIеман контингент кхоллар.

И тIеман тоба хир 34 эзар эскархочух лаьтташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG