ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалша ницкъбарна дуьхьал бац 73 процент Оьрсийчура бахархой


Цхьацца хьелашкахь Iедалан структураша ницкъах пайда эца мега ду аьлла хета 73 процент гергга Оьрсийчуьрчу бахархошна. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, «Общественный вердикт» олучу фондо а, "Методикан лабараторин" социалогаша а бинчу талламана тIе а тевжаш.

Цу талламехь дакъалаьцначу 41 процент нахана хетарехь, ницкъаллин структурийн белхахойн бакъо ю цхьа кIеззиг низам дохо, юкъараллана мехала хета зулам динарг лохуш.

50 процент реза бац цунна. Полицера ницкъ лайна ду шаьш аьлла царах 12 процент респонденташа.

Кхо шо хьалха «Левада-центро» таллам бича махкахь Iедалша нахана гIело ярна дуьхьал бара ах сов респонденташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG