ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПрахIехь хьалхара меттигаш яьхна Кадыровн говраша


Кадыровн Чехера говр.
Кадыровн Чехера говр.

Шайн говраш хьалхара меттигаш йохуш а, керла рекордаш хIиттош а ю Европехь, хаам бина Кадыров Рамзана шен инстаграмерчу агIон тIехь.

Цо дийцарехь, Альдар говро ПрахIехь яьккхина Йоккха Майн приз. Кадыровс дийцарехь, цу говро хIоттийна ПрахIерчу ипподроман рекорд. 1600 метр едда иза 1 минот 37,72 секундехь.

Оцу говраш хахкарехь кхоалгIа еана Кадыровн "Альдзарб" цIе йолу говр.

Евроберто 2014-чу шарахь санкцеш кхайкхор бахьана долуш Чехера араяха йиш йоцуш цигахь латтош ю Кадыровн говраш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG