ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Свободное слово": Оьрсийчохь уггаре луьра репрессеш ловш бу журналисташ Къилбаседа Кавказехь


Войнович Владимир.
Войнович Владимир.

Журналисташна бина ца Iаш, Iедалша Iаткъам бо Оьрсийчохь яздархошна а, суртдиллархошна а, кинояккхархошна а, културан белхахошна а, дIахьедар дина «Свободное слово» ассоциацин декъашхоша дешан маршо а, маьрша кхолларалла а муьлхачу хьолахь яра махкахь 2016–2017 шерашкахь бохучух лаьцна шаьш кечдинчу дIахаийтаран Стиагалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь хиллачу презентацехь.

Цунах лаьцна яздо «Кавказский узел» агенталло.

Къилбаседа Кавказехь уггаре а луьра репрессеш ловш бу журналисташ а, юкъараллин жигархой а, хета "Свободное слово" декъашхошна. Цу керлачу ассоциацина юкъахь бу бевзаш болу яздархой а, журналисташ а, блогерш а, културан белхахой а.

Царна юкъахь ву Войнович Владимир, Светова Зоя, Сорокин Владимир, Улицкая Людмила, Чхартишвили Григорий, кхин берш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG