Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн эмиран ден цIарах фондан офис схьайоьллуш леррина церемони хилла Соьлж-ГIалахь, хаам бина ЧГТРК "Грозный" телевизионо. Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Джасим ал-Новэйс Хусейн коьртехь волчу Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара делегацино а.
Цу фондо гIортор йийр ю Нохчийчохь болчу бизнесхошна. Иза кхоьллина дерриг а дуьнентIехь евзаш йолчу Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкарчу Халифан Фондо (Шейх Зайедан Фонд).
Цу фондан партнераш дагахь бу гергарчу 10 шарахь 3000 жимачу а, юккъерчу а компанешна ахчанца гIо дан а, 70 000 белхан меттиг кхолла а.
Дерриг а Нохчийчу хьажор долчу ахчан барам бу 300 миллион доллар.