Нохчийчохь Росгвардин полкана тIелатар дайтинарг хилла меттигера вахархо Бакаев Iела, хаам бина «Кавказский узело», шен хьастана тIе а тевжаш.
Цуьнан хаамца, Бакаев дIавахана республикера, карарчу хенахь иза хила мегаш ву Мисарахь. Iедалша лоьхуш ву Бакаев.
«Кавказский узело» кхин билггал хIумма ца даладо цунах лаьцна.
Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь Росгвардина динчу тIелатарехь вийра 6 эскархо. Иштта кхелхира тIелатар дина 6 тIемало. Кхин а 3 эскархо чевнаш хилла вара.