ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIоргга кхечу мехкийн меттанаш Iамо школа схьайоьллур ю Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIалара математикан школа.
Соьлж-ГIалара математикан школа.

Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь еш ю масийтта керла школа, яздо "Это Кавказ" сайто. Царна юкъахь ю Оьрсийчохь уггаре яккхийчерах йолу кIоргга кхечу мехкийн меттанаш Iамо школа а. Иза схьайоьллур ю кху шарахь ГIадучу-беттан 1-чу дийнахь.

Цунах лаьцна хаам бина Соьлж-ГIала веанчу "Рособрнадзор" урхаллан куьйгалхочо Кравцов Сергейс. Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьанакхетарехь Кравцовс элира, цу меттанийн Iилманийн школо дIалоцур ю 23 еъакIо метр майда аьлла. Цигахь хир ю кегийчу берашна хьажийна бассейн а.

Кравцовс бинчу хаамца, Соьлж-ГIаларчу математикан школехь схьайоьллур ю къоргга кхетам болчу берийн интернат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG