Human Rights Watch дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъечу вовшахтохаралло Нохчийчуьрчу Iедалша кху шеран бIаьста ламастан гендеран башхалла хийцинчу нахана эшам а бина, хьийза а бина, сийсаз а бина аьлла бина хаам тергал а ца беш буьтур бу Нохчийчоьнан парламенто.
Парламентан секретариатан векло Джамалдинов Зелимхана пIераскан дийнахь «Говорит Москва» радион эфирехь дIахьедар дина, депутаташа пусар ца до бакъонашларъярхоша дуьйцучун аьлла. Цуьнан авторш «Европехь бузош болу бохкабелла журналисташ» бу аьлла цу стага.
Human Rights Watch вовшахтохараллана хетарехь, республикерчу ницкъаллин структурин Iалашо хилла нохчийн юкъараллана товш боцу нах махкара дIабахийтар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Human Rights Watch-о леррина кечдинчу дIахаийтарехь.
Дерриг а документ ду 29 агIонах лаьтташ. Иза зорбане даьккхина тахана, Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь.
Бакъонашларъярхойн дIахаийтарехь билгалдоккхуш ду, гарехь, ЛГБТ-н юкъараллан декъашхой хьийзош коьрта дакъалоцург Нохчийн Республикан парламентан спикер Даудов Мохьмад хилла хилар.