ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхина Бжезински Збигнев


 Бжезински Збигнев.
Бжезински Збигнев.

Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь кхелхина Iамеркан политик, политолог Бжезински Збигнев. Цуьнан дара 89 шо.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Картер Джиммин администрацехь Къоман Кхерамазаллин Хьехамча хилла ву Бжезински Збигнев Иза онда Iаткъам бан таро йолуш вара дерриг а дуьненерчу политикан а, Iилманийн а гонашкахь.

Бжезински вина Варшавехь, дешна шен дас дипломат болх бечу Канадехь. ШолгIа Дуьненан тIом дIабирзинчул тIаьхьа, Полшех коммунистийн Iедал хIоьттича, цуьнан доьзал бисина Малхбузехь.

1953-чу шарахь Бжезинскис чекхяьккхина ХIарвард (Harvard University) университет, ткъа 1958-чу шарахь иза хилира Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахо.

1999-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кхоьллинчу Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитетан (American Committee for Peace in Chechnya) гIантда вара Бжезински Збигнев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG