ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь гIодеш ю Ставропол махкахь бохамо лаьцначу кIоштийн бахархошна


100 стагах лаьтта орцанхойн тоба яхана Нохчийчуьра Ставропол махкахь йочанаша зединчу ярташна гIодан. Орцан министраллан махкарчу декъан куьйгалхочо Яхъяев Руслана хаамбарехь, Александрийская юьрта хьаьддачу хих бахархойн хIусамаш кIелхьара йохуш яра нохчийн тоба оршоьтадийнахь.

Тобано кхечу меттигашка дехьаваьккхина юьртара кхерама кIел висина 35 стаг а. Таханенна 8 юьртахь а, Зеленчук гIалахь а лаьтта хиш, Кума хица йолу дамба йохахь, кхерам бу вуно дукха цIенош херцарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG