Шайн махкарчу Оьрсийчоьнан векалтера 5 дипломат персона нон грата кхайкхийна Молдовaн арахьарчу гIуллакхийн министралло. 24 сахьт делла царна пачхьалкхера арабовла.
И сацам ша емалбо, дIахьедина Молдован президенто Додон Игора, хаамбо ТАСС-агенталло. (Парламентан республика йолчу Молдовехь низамо бакъо ца ло президентна шайн дипломатин хьукматна тIехь урхалла латто).
Массех де хьалха Нарва гIалара дипломатин инарла консул а, цуьнан гIоьнча а махкара араваккха сацамбина Эстонехь а.