ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кореян лидер Ким Чен Ын хилла шайн эскарша рогIера ракета стигала хоьцучохь, хаамбина Кореян юкъарчу телеграфан агенталло. Хоуьйтуш дац билггал муьлхачу дийнахь дIадаьхьна зераш, ткъа гонахарчу мехкийн зорбано тоьшалла до керла ракета оршоьтадийнахь арахецна хиларх.

450 километр некъ а бина, Японин экономикан зонехь, Ниигата префектуранна 500 километр гергахь охьайоьжна ракета.

Заррат зер низаме даккха гIертачу мехкаша бехкбиллина Пхеньянна рогIехь дуьненаюкъара бакъо талхорна. Ткъа Ким Чен Ына дIахьедина, «мехала ду дуьхьалонан ницкъ дуьненна дIагайтар а, кхидIа толамаш бахар а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка «къайладаьхна совгIаташ» алссам хьийсорхьама».

XS
SM
MD
LG